Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани страница 15

Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани

Скачать книгу

style="font-size:15px;">      Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.

      Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.

      – Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.

      – Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.

      Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа. Гуш дара кху кертахь тойнна кечам беш хилар.

      – Шу мичахь лелаш ду? Нехан нахе цIентIехь гIо де баха дезаш ву-кх со – оьгIазвахара Ахия шен вежаршна. – Той кхузахь хир ду! Хьо а кечвала мегар дара, хьуьнха талла ваха араваьлча санна а ца Iаш – Мушнига хьаьжира иза.

      – Со дIавоьдуш ву, Ахия. Сайн йезаран тойнехь сакъеррал ницкъ болуш вац хьуна со – Мушнис ца лечкъадора шен бIаьрхиш. Ахияс иза белшаш тIера а лаьцна, кертахь лаьттачу гIанта охьахаавира:

      – Хьо сан доттагIа ву, ткъа хьо санна доттагIа сан Кута а ву. Нагахь санна и декъала а ца веш, хьо дIаводахь, хьо гIиллакх доцург хир ву хьуна – хьехар дира цо шен доттагIчуьнга.

      – Дика ду! Хьан дуьхьа дийр ду ас иза, амма Фатика ган суна ца лаьа хьуна. Со ишта а тахана шен къизалла ца кхоош кхолламо зийна хьуна, сан кхин ницкъ бац – куьйг ластош, чоьхьавелира Мушни.

      Нускал эцна йогIу пайтон генара дIахьаьжча хIинца а гуш йацара, амма иза Кюнлюме кIотаре кхочуш хиларан тоьшалла дара герзан тата.

      Пайтон кертал чоьхьайелира. Йерриге а кIотарера зударий, бераш гулделлера Ахиян кертахь. Дукхачарна гина йацара Фатика, амма цуьнан исбаьхьа хазаллех лаьцна ца хезаш ца виссинера Балкхарехь цхьа а.

      Ткъа нускал далийна волу Кута а вацара хIумма а ирча – зоьртала дегIехь, доьналлех дуьзна цуьнан сибат массарна а йукъахь къаьсташ дара. Пайтонера охьадоссийначу нускалан йуьхьтIе кхоьллинчу шипона бухахь гуш дара бIаьргара охьахьевдда даккхий хин тIадамаш.

      Хьешашна йукъахь бара кху захалонехь дакъа лаьцна болу балкхаройн эла Урусбиев Навруз а, той вовшахтухуш волу гIебартойн эла Клишбиев Аслан а, иштта кхин берш а. Фатикана уллохь лаьттара Ахия. Кута адамийн гуона йуккъе а ваьлла шен нускална а, накъостана а улло дIахIоьттира:

      – Суна дукха хезнера сайн доттагIчо Ахияс шен накъостан элан Ратиани Мушнин доьналлех а, син-оьздангаллех а лаьцна дуьйцуш – леррина шен накъосташка хьаьжира Кута.

      ЦIеххьана, бIаьстенан догIа санна Фатикин йуьхьтIехула йуха а охьахьевдира довха бIаьрхиш. Ма хала дара сатоха цхьаьна а мIаьргонна хьайн дагчуьра ваьлла

Скачать книгу