Чора. Шима Хамидович Окуев

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Чора - Шима Хамидович Окуев страница 5

Жанр:
Серия:
Издательство:
Чора - Шима Хамидович Окуев

Скачать книгу

цхьадолчийн эшарш йу. Ахь боккху ког а, аьлла дош а, лекхна йиш а, хьажийна бIаьрг а хазахеташ, хьоьций бен кхин ойла йоцуш, Далла а, нахана а вицвелла, цкъа хьуна дагавагIахьара ша бохуш, гурахь мархаша малх эшийча, ламанан коьрте деза дохк санна, безаман йеза ойла даг тIе йеана, ахь динарг бен, кхин дарба доцуш, лазар кхетта веза доттагI вар-кх сан, йерзайахьара ахь цуьнан чов.

      Маржанна хIинццалц хезна дацара иштта хаза, оьзда, кIорггера ойла йолуш дина къамел. ХIинццалц хин коьртехь цуьнца къамелаш дина болу хьоладайн кIентий чIогIа кура а, шаьш бехачу нехан кIентий хилар гайта лууш а хуьлура. Йа цара ден къамел а ца хуьлура шена тIе тидам бохуьйтур болуш а. Ша цIеначу дагца цаьрца къамел дича, цхьамма и ненах дIатухур дуй хууш, ша хIун аьлча бакъахьа хир ду ца хууш, йоьхна хьаьвзира Маржан.

      – Деллахь, ца хаьа суна-м и муха хир ду а. Амма нанас хьалххехь аьлла дара соьга, цIейоккхуш болчу, бехачу нехан кIенташна бен дош ма ло аьлла.

      – Маржан, – вистхилира Iалигира, – шийтта стерчийн готано пхийтта дийнахь охуш, уьйтIара дуьйна дIаIуьллуш латта а долуш, тIехууш гIарабаьлла дика дин а болуш, цу динан бухкарш йуккъе дашо шед а йетташ, махкахь цIе йоккхуш, вуьйцучу кIанта хьайга йола аьлча, цуьнга йаха реза хир йарий хьо?

      – Дера, суо гIур йара-йацара-м ца хаьа суна, амма сан да-нана цу захалонна реза-м хир дара, – элира Маржана.

      – Ишттачу кIенташа хьалххе шайн гIайгIа бо. Хьайн дегий, неней а алий, хIокху сан доттагIчуьнга йолахьа, – элира Iалигирас.

      Маржанна чIогIа хазахетара Iалигирас ден къамел, шен цIа йаха деззашехь, лаьттара иза.

      – Деллахь, ца хаьа суна-м, шуьшиъ долахь туька йолуш а ца хилча, йа, алссам жа ду аьлла, къаьсташ а ца хилча, ненан лаамна тIера а йаьлла, дош дала хала ду-кх суна.

      – Маржан, – элира Iалигирас, – туька йезарг сайоккхучуьнга йоьду хьуна, жа дезарг Iуьне йоьду хьуна, ахча дезарг банк лелочуьнга йоьду хьуна. Хьайна кIант везахь, Чорега йолахьа.

      ГIадйахана йелайелира Маржан цо и дешнаш дукха хаза аларна.

      – Бакъахьа ду, – элира цо, – бехачу нехан там алссам боккхуш Iедал ду, сан дай, наний, хьоладайшна йуккъехь йуьхьIаьржа ца хIиттал шун сох бала там хиллачу дийнахь со шуьга йогIу.

      Ша хIун эр ду ца хууш, Iалигира Чорин бIаьра хьаьжира. Чорас, «реза ву» бохуш санна, корта таIийра.

      – Бакъахьа ду, делахь, оха хьайна бакъо йаллалц, маре ца йаха дош лой ахь тхуна? – хаьттира Iалигирас.

      – Аш бакъо йаллалц аьлча а, шух дог диллина, йаллалц ца йаха-м ло, – элира Маржана.

      – Дала сий дойла хьан, хьо иштта оьзда ца хилча, тхуна а халахетар дара, – аьлла, Iалигирас зудабераш дIадахийтира.

      Чора а, ша цIа а вахана, ойла йан воллу аьлла, дIавахара. Iалигира, и къайлаваллалц цунна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, хьалавахара.

      ЦIа ваханчу Чорас, дикка ойла а йина, оьрсийн махка йолах болх бан ваха сацийра, вагIахь, шеца Iалигира а вуьгуш.

      * * *

      Сатасале новкъа

Скачать книгу