Вдохновение. Русско-Чеченский сборник. Зарина Денилбековна Шаухалова

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Вдохновение. Русско-Чеченский сборник - Зарина Денилбековна Шаухалова страница 4

Вдохновение. Русско-Чеченский сборник - Зарина Денилбековна Шаухалова

Скачать книгу

style="font-size:15px;">      Тоьшаллина шуна,

      Луш совг1атна со.

      Далил гайта бохуш,

      Аш ма хьийзайе

      Кхета лууш волчо,

      Дагца ойлайе.

      1амал ц1ена йелахь,

      Хаам цуо лур бу.

      Са маьрша а далахь,

      Новкъа воккхур ву.

      Аллах1 воцург вайна,

      Кхетам бала вац.

      И доцуриг жайна,

      Дагчохь хуьлуш дац.

      Нагахь цунна т1екхача,

      Кийча дацахь Дог.

      Ахьа Устаз лаца,

      Синан доьллуш лерг.

      Дог-ойла а ц1анйай,

      Цуьнга верза хьо.

      Цуо 1амор ву говза,

      Дела вовза хьо.

      Хьайн 1амалах теший,

      Ког мабаккхалахь.

      Хьайн Устазе кхойкхуш,

      Орца дехалахь.

      Нагахь къобул вина,

      Цуо т1еозохь хьо.

      Иманехь сов воккхуш,

      1алаш вийр ву хьо.

      1акърекъат цадевзаш,

      Хьан чекхйалахь хан,

      Лахьтичохь хьох жоп луш,

      Накъост хир ву хьан.

      Шапа1ат да хилла,

      Элча г1оттур ву.

      Йалсамани не1арш,

      Хьуна йоьллур йу.

      ***

      Стаг галваьлла атта олу наха,

      Нагахь ваьллехь некъан йуьстаг1а.

      Ваьлла хила тарлой изам дехьа,

      К1еззиг долчу шен цхьан г1уллакхна)

      Дала шена деллачух бен цхьаннга а

      Доьхур долуш дац вайгара жоп.

      Дукха дийцарх кхеталур вац цхьа а,

      Цо кхетаво кхето велахь хьакъ.

      Цунна луьйш вайх х1орамма а оьцу,

      Цуо летийнехь цуьнан къинош схьа.

      Парг1ато луш воккху нийсачу новкъа,

      Къинхетаме долчу адмаша.

      Вайн Нохчийн къам эладитне Дала,

      Гой шуна мел г1овза кхоьллина?

      Г1ебаташца жим-жима цхьаоьцуш,

      Къин-мохь боькъуш вовшашна г1о дан)

      ***

      Вай вовшиэ цагуш хан-зама йели,

      Дагчуьра безам хьоь шелбелла бели.

      Хетарехь, ца хилла и доггаха бахана,

      Йоьхь- сибат а хьан тахана, дицделла суна.

      Сайн иэсехь мел лехарх, карацадо,

      Къамел а, ахь динарг, Дог хьостуш сан.

      Йа ойла хьоьх йознарг, ийъацало,

      Меттаха боккхуш сан, кийрара ша.

      Мила ву те бехке, къастарна вай,

      Озадеш хадийнарг, кхолламан тай?

      Безамо тиллина хилла-кха т1ай,

      Тешаман г1ортораш х1иттайеш йайн.

      ***

      Ларамза дашца галваьлла,

      Цкъа вохахь хьо г1иллакхах.

      Хетар вац хьо хьалхалера,

      Ши капек хетар бац мах.

      Елалуш

Скачать книгу