Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 4

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо

Скачать книгу

хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.

      Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.

      Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.

      Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.

      Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.

      Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.

      Империца дуьхьал Iоттадалар

      1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.

      Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.

      Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.

      Татараш дIабахча, нохчий маьрша бевлира, амма пачхьалкха а йоцуш биссира, ткъа иза йуха кхолла церан йа аьтто а, йа ницкъ а бацара. Iедалан и меттиг дIалецира Мехк-Кхела, цу йукъа богIура нохчийн исс тукхаман векалш. Уьш син-оьздангаллин лехамашца хоржуш бара.

      Мехк-Кхелаца къоман йист йоцу ларам хиларна цо къастадора йукъараллин а, иштта политически а мехала хаттарш.

      Шайна кхин къар ца беллачу нохчийн латтанаш дита дезна мостагIий дIабахара. Ткъа царна тIаьхьа йиссира йохийна, йаьржийна Нохчийчоь а, иштта эзарнаш церан тIемалойн декъий а. И тIом бахьанехь лаьмнашка дIабахана хилла нохчий, шаьш хьалха бехаш хиллачу латтанашка йухабирзира, шайн дахаран хьелаш йухаметтахIитторехь къа а хьоьгуш.

      Керла дахар дара цара кхолла дезаш, латтанаш охуш, даьхний лелош. Шийтта шарал сов, къиссам латтийра аренан мостагIийн ардангаша маьрша нохчий ца къарлуш, амма нохчаша ког биллал а латта ца делира мостагIашна дIа.

      Олуш ду, монголаша нохчийн йукъараллин дахарна тIеIаткъам бина бу, къаьсттина динехь, масала, татараша деъна нохчашна бусулба дин. Амма иза бакъ дац. Цкъа делахь, Iадат бусулба динаца ца догIуш а дац, бусулба дин дуьненчу доссале, дуккха а хьалха лаьттина а ду. Бусулба дина нохчий Дела цхьаъ варна тIеберзийна, ткъа син-оьздангалла, цIеналла, гIиллакх церан Iадатаца

Скачать книгу