Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани страница 13

Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани

Скачать книгу

style="font-size:15px;">      Шена тIевеанчу цхьаьна балкхархочуьнца къамел деш лаьттачу Кутина хезира кертахь цIеххьана йаьлла гIовгIа. Корах арахьаьжначу обаргана гира куьйгаш лестош цхьаьна ламанхочуьнца дов даьлла лаьтта Асхат. Шеца къамел деш хиллачуьнга бехк ца биллар а дехна, Кута сиха аравелира. Кхузахь дуьхь-дуьхьал хIоьттина ши тоба йара. Букъа тIехьа сван лаьттачу Ахиян шина вешина дуьхьал хIоьттинера балкхархойн йоккха тоба, ткъа массо а ламанхойн карахь хантIехь кхозучу шаьлтанийн мукъ бара. Муьлхха а мIаьргонехь цIий Iана тарлора.

      Балкхархоша сване Фатика шега маре йогIур йу аьлла деллачу дашах мокъа йита бохура. Ткъа тобанна йукъара цхьаммо-м Делах дуй биира ша Фатика сване дIайуьгуьйтур йац аьлла. Ткъа биъна дуй хууш ма-хиллара цIийца бен цIанлуш бацара. Свана дIахьедира шен йезарах ша цкъа а вер а вац, иза бахьанехь ша вала а кийча ву аьлла.

      Ткъа Ахиян вежарша дуй биира шайн хьешана улло веанчун шаьш са хьала доккхур ду аьлла. Балкхархоша гуо бина лаьттара сван. Гонахара хьал хIора а мIаьргонехь дарлуш дара.

      Кута кхетара балкхархойх. Фатика санна болу хаза мехкарий хIора а къоман дозалла ду, цундеда церан бехк бац иза хийрачу нахе дIайала ца лаарна. Амма кху ловзарехь Кутина гира муха дара сванан а, балкхархойн йоьIан а вовшашка хьежар. Шеко йацара – царна йукъахь безам бу, амма хIете а йоI маре хьаьнга гIур йу тIаьххьара сацам беш верг да ву. Ткъа иза йуьстах ваьлла шен шина кIантаца лаьттара хуьлучун терго еш.

      Ши тоба чуччайоьдуш йара Кута гуона йуккъе дIахIоьттинчу хенахь.

      Цхьаьна балкхархочо Кута новкъара дIататта куьйг айдича, нохчийн обарг шен шаьлта баттара жимма схьала а озош оьгIазе вистхилира:

      – Нагахь санна ас хIара баттара йоккхий, цхьаьнан цIий Iанийна бен ас йуха цу батта хIара йуьллур йац шуна.

      – Кута ву иза! – хезира цунна тобанна йукъара цхьаьна балкхархочун аз.

      – Кута ву тов! Мила ву и Кута? – ца вешаш вистхилира маларах кхетта цхьаъ. Къаьсттина иза вара массо а балкхархой сванна дуьхьал бохуш хилларг.

      – Нохчо обарг Кута ву иза! – хазахетарца мохь туьйхира цхьаммо. – Ассаламу Iалайкум! – тIевеара Кутина дика вевзаш волу Бесленеера цхьа чергизо. Шен куьйг шаьлтанан мукъа тIе а дуьллуш, нохчийн обарганна улло дIахIоьттира иза.

      Дуьхьал хIоьттина лаьттачу цхьаьна тобанера балкхархочо Кута вевзина, цуьнга куьйг кховдош, хаьттира:

      – Кута, хьо цаьргахьа ву? Хьо тхуна дуьхьал ваьлла? Сван бахьанехь хьайн накъостех лата воллу хьо? – боккъалла цецваьллера иза.

      Кутина гуш дара хIара дерриге а хьал дарделла хилар а, шина а тобано Фатиках ца довла дуй биъна хилар а.

      – Со сайгахь ву! – кертахь тийналла йоссош мохь туьйхира нохчочо. – Суна Фатика цкъа а гина йацара, амма цуьнан хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.

      Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах

Скачать книгу