Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 23

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо

Скачать книгу

Союзана демократизаци йан Горбачевс кхоьллина йолчу политически институте (Халкъан депутатийн гулам) хин болчу хьалхарчу харжамашкахь консерваторашна шен ницкъаш гайта.

      Иза йара 2250 делегатах лаьтташ йолу суперпарламент. Уьш хаьржинера СССР-ан йерриге а хьаьрмахь, уьш жоьпаллехь бара Союзан Лаккхар Совет хIотторна.

      Цу керлачу органе харжамаш хилира 1989-чу шеран бекарг беттан 26-чохь дуьйна хIутоссург беттан 26-гIа кхаччалц. И харжамаш дуьххьара бара Коммунистически партийн декъашхо воцучо дакъа лаца магош болу. Ельцинна иза боккха кхиам бара, хIунда аьлча Демократически Россис 600 меттиг йаьккхира, ткъа ша радикальни баьччас шен харжаман хьаьрмахь 92% кхаж баьккхира.

      Цунна дуьхьал волчу Лигачевна, Советски «къеначу гвардийца» нийсса уггаре а кIезиг кхаьжнаш дIаделлера. Реформистийн толамо Молдовехь а, Украинехь а, Беларусехь а гIаттамашна керла некъ биллира.

      [31] Молдовехь 16 депутата Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.

      Украинера «Суверенни Рух» цIе йолу болам Украинера къоман килс тIечIагIйар доьхуш бара. Беларусехь гIаттамхоша закона магийна боцу шайн байракх айбира.

      Ткъа оцу хенахь къаьмнийн юкъаметтигаш талхар чIагIлуш дара. Вай кхул хьалха йийцина хиллачу Ламанан Карабахана тIаьхье алу тессира кхин а шина регионехь – Абхазехь а, Къилба ХIирехь а. И шиъ Гуьржи махкана йукъайогIуш а йара, Тбилисера марша йала лууш а йара. 1989-чу шеран бекарг баттахь Абхазин коьртачу шахьаран Сухуми гIалин Университетан ректора масех бутт хьалха эстонцаша йовзийтинчух терра суверенитетан Декларацина куьйг йаздира, цуьнца нийсса иза къобалйира политикин а, йукъараллин а дукха векалша.

      Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара. 1990-чу шеран товбецан 20-чохь Къилба ХIирис а кхайкхира шен суверенитет, йозуш ца хиларан декларацина зорба а тухуш.

      Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра. ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.

      [32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.

      Нохчийчуьра хьал

      Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш

Скачать книгу