Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Чтение книги онлайн.
Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 27
Оцу кепара Умхаевс Нохчийн къоман конгресс вовшахтоха ойла йовзийтира. Цу конгрессе партийн векалш кхайкхина ца Iаш, хIора а йуьртара делегаташ а кхайкхинера.
И гIуллакх массара а чIогIа къобалдина тIеийцира. Умхаевна тIетайра националистически партийш а. Царна ца лаьара Завгаевс а, Умхаевс а Iедал къуьссучу йукъахь хIаллак хила, цара сатуьйсура Конгресса рекрутингови база а кхоьллина, иза нохчийн культура кхио Iалашо хIоттийнчу интеллектуальни ассоциациша тIелацаре. [38] 1990-гIа шо Iаламат дукха партийш кхоллайаларал совнаха, интеллектуальни вовшахкхетарш кхоллайаларца а билгалделира, цу йукъахь йара гIалгIайн Iилманчийн Ассоциаци а, Нохч-ГIалгIайн истори талларан а, къоман интеллигенцин а Ассоциаци.
Цунна тIехь шен терго латто дагахь хиллачу Завгаевс а къобалдира Умхаевс долийнарг.
Оцу кепара, 1990-чу шеран хьаьттан баттахь Умхаевс Конгрессан Вовшахтохаран комитет дIакхайкхинчул тIаьхьа, иза хазахетарца тIелецира йерриге а къоман политически майданехь.
Комитета шен болх дIаболийра хьаттан беттан 15-чохь.
[39] Нохчийн къоман конгресс вовшахтохаран комитет 1990-чу шеран хьаьттан беттан 15-чохь тIечIагйинера. И конгресс вовшахтоха дуьххьара ойла кховдийна хилла волу Умхаев Леча цуьнан президент хIоттийра. Кхочушдаран декъашхой бара Вайнахски демократически партийн баьччанашах цхьаъ волу Сосламбеков Юсуп а, историк Хожаев Далхан а, профессор а, поэт а Бисултанов Апти а, йаздархо Бексултанов Муса а, йаздархо, поэт, драматург Ахмадов Муса а, спортсмен Зубайраев Чингиз а, историк а, Лаккхарчу Советан депутат Эльмурзаев Юсуп а, историн Iилманан профессор Эльмурзаева Ганга а.
Советски номенклатуран векалш санна комитетана йукъа баханера Яндарбиев Зеламха санна болу радикалаш а. Царна тIекхийтира вай вийцина волу Ахмадов Хьусейн а. Цунах лаьцна ма-дарра довза лууш волчун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь йеша.
Йуха зорба тоьхна йовзийтира декларацин коьрта 13 Iалашо: царна йукъахь йоккха меттиг дIалоцура историс а, культурас а. Къаьсттина Iалашо хIоттийнера нохчийн этнически тоба кхоллайаларах лаьцна дийцар йаздар а,
[40] Декларацехь дуьйцуш дара: Нохч-ГIалгIайн АССР-ан бахархойн 60% дIалоцуш долу нохчийн къам а, Дагестанан АССР-ан 3% бахархой а шен дай баьхначу лаьттахь маьрша даха йиш йоцуш, итта шерашца бала хьоьгуш дара.
Центральни правительствос нохчийн хаттар къастор сецор а, 230 000 нохчочунна шен мехкан дозанел арахьа ваха везаш хиларо а, Нохчийчоь дIалаьцначу экономически а, социальни а кризиса а, къоман мотт йухаметтахIотто хьашт хиларо а, син-оьздангаллин тIаьхьало Iалаш йан езаш хиларо а тахана айдина ГIалгIайн автономи йухаметтахIоторан хаттар. Махкахь къаьмнийн йукъаметтигаш телхаш хиларо нохчийн халкъана хьалха йаьккхий кхачамбацарш хIиттайо, уьш дIа ца йахча, къам кхиа йиш йолуш дац. Цу хьелашкахь, Нохчийчоьнан массо а кIошташкара векалша а, халкъан депутаташа