Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Чтение книги онлайн.
Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 24
– Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца. Иза а вайн историн цхьа дакъа ду – билгалдаьккхира цо.
Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:
– ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.
ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара – элира Завгаевс.
Цуьнан къамелана дукха адам реза хилира. Хетарехь, Завгаевна хаьара йукъараллин ойланна тIеIаткъам муха бан беза. Оцу кепара цунна йуххехь хIинцале гуллуш гуо бара.
Амма Завгаевс дина и чулацаме къамел ма-дарра аьлча Iедалехь висса Iалашонца дина дара. ЦК КПСС Хьалхарчу Секретаран къамел хиллачул тIаьхьа, Сталина дина зуламаш шуьйра дийцаре дан долийра.
[33] 1990-чу шеран мангалан баттахь историкан Бугай Николайн «Нохчий а, гIалгIай а махках бахар» цIе йолуш йоккха статьйа зорбане йаьллера. Исторически тоьшаллашца цо цец йаьккхинера йерриге а йукъаралла. Историка довзийтира хIинцалц зорбане девлла ца хилла кехаташ, Сталина а, Берийас а вовшашка дина къамелаш а. Иштта тидаме далийнера Сталин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу хенахь 30-50-гIа шерашкахь къаьмнашна тIехь латтийна къизалла.
Йазйанза йолу историн агIонаш йийца аьтто а беш, Завгаевс профессораш а, Iилманчаш а, академикаш а ул-улохь латтабора, цо церан тIекхуьу чкъурана мел оьшу хьелаш кхуллура, ткъа къона чкъор партийна оьшуш дара, тIейогIучу демократизацин дарце ша дIа ца хьакхийта.
Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.
Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.
Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан