Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 13

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо

Скачать книгу

къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.

      Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц

      [14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.

      Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.

      Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.

      Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.

      [15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.

      Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.

      Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.

      Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.

      Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.

      ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.

      Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.

      1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.

      Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.

      Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.

      Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера. ТIедогIучу шеран кхолламан беттан 9-чохь йухаметтахIоттийнера Нохч-ГIалгIайн АССР. Цунах шен хьалха хилла кIошташ дIа а тоьхнера, Къилбаседа ХIирийн

Скачать книгу