Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Чтение книги онлайн.
Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 11
Цу легионехь немцойн агIонехь шайн тIеман декхара дIакхоьхьуш бара гуьржий а, гIебартой а, хIирий а, суьйлий а.
Билгалдаккха деза Дагестанан векалша башха къеггина гайтина шаьш Вермахтана муьтIахь хилар. Немцой дагахь бара Кавказехь шайн эмиссар жIайхо Сайднуров Сайд-Мохьмад хIотто. Немцойша цунна йеолха керла цIе йара – Губе Осман.
Немцойн десантаца цхьаьна иза воссийнера Нохч-ГIалгIайн лаьмнашка, меттигера бахархойн ойла хуьйцуш, уьш немцошкахьа баха, амма Вермахтан аьтто ца белира и Iалашо кхочуш йан, хIунда аьлча тобанна Нохч-ГIалгIайн лаьмнашкахь кIело йира, ткъа Осман Губенна Соьлжа-ГIалин майданехь тоьпаш туьйхира.
Советан Iедал шайца мел къиза хиллехь а, нохчаша шайн ницкъ кхочург дира Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь Советски Союзе толам баккхийта.
Вай хьалха билгал ма даккхара, Соьлжа-ГIала Гитлеран стратегически Iалашо йара. 1942-чу шеран аьхка немцойн эскар тIамца Къилбаседа Кавказе кхаьчначу хенахь, Соьлжа-ГIалах фронтана уллера гIала хилира.
МостагIа гIала чу ца ваийта меттигера бахархоша шайн ницкъ кхочург дира. 40 итт эзар стаг араваьллера гIала йистошкахь тIеман дуьхьал оьрнаш дохуш, кхин болу кечам беш.
МостагIа гIала чу ца веара, амма Гитлеран сацам хилира шега ца йаьккхайелла гIала хIаваэхула хIаллак йан.
Цу Iалашонца ара йаьккхинера «Гинденбург» цIе йолу бомбардировочни 1-ра эскадра а, «Викинг» цIе йолу 100-гIа бомбардировчни эскадра а, «Веспе» цIе йолу йозаллин кеманийн 1-ра эскадра а, 52-гIа истребительни эскадра а.
Тайп-тайпана хаамашца, 1942-чу шеран эсаран баттахь 156 немцойн кемано Соьлжа-ГIалина тIе охьакхоьссинера 400 фугасни бомба. Сийна цIе йаьлла йогура гIала. Иза йаьгна дIайалийта Iалашо а йара Вермахта йуьхьарлаьцнарг. Къаьсттина цу муьрехь шайн граждански доьналла гайтира меттигера цIейайархоша. Шайн синош ца кхоош арабевллера уьш гIала йаьгна дIа ца йалийта. Иза ларйан церан аьтто а белира. Цара гайтинчу доьналлин сийнна карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь лаьтташ хIоллам бу.
Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша фашизмаца болчу къиссамехь шайн йист йоцу майралла, доьналла, къонахалла гайтира. Дуьнена шолгIачу тIеман уггаре а къизачу къиссамашкахь йитина цара шайн дашо лар. Церан къиссам бахьана долуш къаьсттина Кавказехь йухатоьхна фашистийн бIо.
1943-чу шеран чилланан баттахь, Сталинградехь эшам хилалчул тIаьхьа, Вермахт кавказера дIайахара. Амма Сталина нохчашна а, гIалгIайшна ала кечдина баркалла кхин маьIна долуш хиллера.
1943-чу шеран чакхенехь Нохч-ГIалгIайчоьнах фронтан тыл хилла, йуха а толаме кхача цо шен ницкъ кхочург мел дечу хенахь, Сталина шен чоьхьарчу гIуллакхийн министре Берия Лаврентийга омра дира СССР-ан дахарехь уггаре а хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь мехала дакъа ца лаьцначу, цу синтем байначу къомаца дерг гуттаренна а къасто.
[11] Сталинан боьхачу ойлано шен тидаме ца оьцура ЦIечу эскаран могIарехь нохчаша гайтина доьналла. Вай хьалха билгал