Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Чтение книги онлайн.
Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 10
Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара. Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.
Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.
Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра. ГIаттамхоша пачхьалкхан хьукматашна тIелатарш дар бахьана долуш, Iедалан ца даьлла дийзира пачхьалкхан инфраструктура ларъйархьма герзаца кхачо йина тобанаш кечъйан.
1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.
Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.
[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ. Со тешна ву цу къиссаман цхьаъ бен Iалашо ца хилар – сан къам хIаллак дар. Цундела лаьцна ас сайна тIе сан къомо кхайкхиначу маршонан къиссаман куьйгалла дар.
ГIаттамхойн меттамотт Нохчийчоьнан малхбузера ламанца йолчу ГаланчIожехь бара. Кхузара цара тIелатарш дора мелла а лахахь йолчу гIаланашна. Иштта церан аьтто белира Шуьйта шайн куьйг кIел йало. Амма церан терахь кIезиг дара, цу политически ражана кхераме хила. Цара айбина гIаттам эшамца чекхбала тарлора, нагахь санна Гитлеран Германи Советски Союзана тIамца тIелетта ца хиллехь
«Чечевица»
Нохчийчоьхь Исраиловс СССР-ана дуьхьал шен жима тIом бечу хенахь, дерриге а дуьне Iадийнера ШолгIачу дуьненан тIеман балано. 1941-чу шеран асаран баттахь Германи шена накъосталла дечу пачхьалкхашца Итали а, Япони а, кхин йерш а Россина тIом бохьуш чуйеара, амма уьш совцийра Москва гIалин кевнашкахь.
ТIедогIучу шеран аьхка Гитлера шен йерриге а ойла тIехьажийра Кавказана, Сталинан бронетанкови дивизиш дехьакхисса оьшуш долу мехкдаьтта сацо Iалашонца.
Фашистийн Германин баьччас Гитлера ша дIахьедира, нагахь санна Соьлжа-ГIалин мехкдаьтта шен кара ца дагIахь, цу тIамехь шена ша эшна хетар ву аьлла.
Соьлжа-ГIала цу шерашкахь шуьйра йевзаш йара немцойн зорбанехь.
Советски Союзан