Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Чтение книги онлайн.

Читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо страница 12

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо

Скачать книгу

дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.

      Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.

      Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.

      [12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла. ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.

      Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.

      Даьхний санна бен доцуш, цIерпошташна чу а боьттина дIабуьгуш бара уьш кхо эзар чаккхарма некъ бан, Казахстанан ло хьаькхначу, шийлачу аренашка кхаччалц.

      20% гергга адам новкъахь деллера. Ткъа дийна биссинарш дIакхаьчначул тIаьхьа, колхозан йистошка охьакиссинера. Цу шийлачу Iай царна тIедожийра шайн куьйга шайна чохь Iан лаппагIанаш йе аьлла. Советан Правительствон омранца хIора баттахь уьш декхарийлахь бара Iедална шайх лаьцна хаам бан, нагахь санна и хаам ца бахь цаьрга ткъа шарна хьоьжуш набахте йара.

      Нохч-ГIалгIайчоьнах хIумма а ца йиссира. Ишта цIе йолуш дуьненан политически карти тIехь меттиг а йацара. Республика дIа а йаьккхина, цуьнан метта Грозненски область кхоьллинера, ткъа цуьнан кIошташ Кавказера кхин йолчу республикашна йукъахь дIасайекънера. Нохчийн йерриге а культурин а, историн мехала тIаьхьало хIаллак йина дIайаьккхинера: маьждигаш а, хьуьжарш дохийнера, ткъа церан тIулгех кхин йолу гIишлош йуттура. Хьакхарчийн ферманашкахь некъаш дехкинера нохчийн кешнийн кертара чартех.

      Къоман истори йуьйцуш, къаноша йаздина а, лардина а хилла тептарш йа дагийнера йа, Москван архивашкахь къайладаьхнера.

      Шен къомах йаьлла, буобер санна йиссина Нохч-ГIалгIайчоь сихонца дIайузош йара Кавказера республикийн векалшца. ТIом хиллачу регионашкара нах схьа а балийна, баха ховшийнера кхузахь. Цхьа бIарлагIа санна йиссинера шен къомах йасаелла Соьлжа-ГIала.

      Цхьа жимма обаргаш биссинера ламанца. Iедалах лечкъаш бехара уьш цигахь, шайн ка йаьлча, Iедална кIело а йеш.

      1944-чу шеран гIуранан беттан 24 -чохь Исраилов а вийнера.

      Ткъа нохчийн къам цхьалха диссира Казахстанан пана аренашкахь. Сталин валлалц, нийсса кхойтта шарахь зийра уьш замано нехан махкахь, шело а, мацалла а, къизалла а ловш.

      Къаьсттина хала дара вайнахана мацалла лан. Адам хи санна леш дара, шело, мацалла, тиф лазар ца ловш.

Скачать книгу